Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багІахь, таьллангаш тІехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багІахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? Амма Аса Іесаван тІаьхьенан мел долу хІума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дІалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дІабохур бу. Эдоман тІаьхьенах цхьа а вуьтур вац. Зайт-дитташ тІера стоьмаш охьаэгош санна, хир ду иза. Ши-кхо стом буьххьехь а, я биъ-пхиъ дикачу гаьннаш тІехь а буьсур бу», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло. Хьан тІемалой, Теман-гІала, кхерабелла хир бу, ткъа Іесаван лам тІехь берш хІаллакбийр бу». «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду.
Авдий
1
Выбор основного перевода