Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира. Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Цара иштта дІадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гІуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цІастанах йина мел йолу пхьегІаш а. Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо, царна чуйогІура богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудутту боганаш а. Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна лерина бина ши бІогІам а, боккха яй а, меттахйохуш йолу кІелхІотторгаш а чІогІа еза яра. Оцу хІуманашна дахана долчу цІастанан барам буста а ца лора. Цхьана бІогІаман лакхалла берхІитта дол яра. Цу бІогІам тІехь цІестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тІехь цІастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бІогІамна тІехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. ГІалахь хІетталц а бисинчарах цо дІавигира тІемалойн хьаькам волу ваьІна стаг а, паччахьан пхиъ хьехамча а, нах эскаре дІаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гІалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. Уьш берриш а паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тІе Рабила-гІала дІабигира. Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» Цара Сан халкъах кхаж туьйсура, кІентий а дІалора нахаца лелачу зудчух, йоІ а чагІарх дІаюхкура, маларш а муьйлура.
Авдий
1
Выбор основного перевода