Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а, цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а, Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. «Декъаза ву хьарамлонца шена хІума гулдийриг, шена цІа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кІелхьарваккхархьама!»
Авдий
1
Выбор основного перевода