Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
«ЦІадан-гІалин уллохь йолчу Сарпат-гІала дІа а гІой, цигахь саца. Йисина Іаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тІе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса». Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гІаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кІел жаш догІур ду», – боху Везачу Эло. Амма оцу зударшна цхьанна а тІе ца веанера Эли-ЯхІу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦІадан-махкара Сарпатера йисина Іаш йолу зуда яра.
Авдий
1
Выбор основного перевода