Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Цийонан гІалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а – Ярушалайм-гІалахь дахарна дІакъастийначех массарех а – Дала базбинарш эр ду. Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахІоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дІа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дІахІоттор ду иза. Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», – боху хІара дерриге а деш волчу Везачу Эло. «ТІекхочур ду, – боху Везачу Эло, – охуш волчунна – оруш верг гун волу а, ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дІаюьйш волчунна тІаьхьа кхуьур воцу а токхе денош. Кемсийн мутта лаьмнех охьаІийдалур ду, массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тІе юхадерзор ду. Яссийначу гІаланашкахь гІишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгІна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара. Ас шайн лаьтта тІе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тІера лелхийна лелор бац», – боху хьан Везачу Дала. Цу дийнахь Ас ЯхІудан куьйгалхой дечигашна юккъерачу суйх а, цІевнийн юккъерачу хаьштигех а тарбийр бу. Цара гонах мел долу халкъаш аьтту а, аьрру а агІор а дІакхоллур ду, ткъа шаьш Іийначу Ярушалайм-гІалахь адамаш кхидІа а маьрша дехаш хир ду.
Авдий
1
Выбор основного перевода