Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. Нагахь санна уьш, хьан карара дІа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хІуъа хилахь а, дІамер бу и кад!“ Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таІзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таІзар даза хьо хІунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таІзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таІзаран кад мер бу! Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю».
Авдий
1
Выбор основного перевода