Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагІалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тІехІоьттинчу хенахь, царна тІехь долу таІзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дІаделира, туьре хІаллакдайтархьама. Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагІаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яІ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“. Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагІаша, шуна массо а агІор го а бина, шу дассийна, ткъа хІинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу.
Авдий
1
Выбор основного перевода