Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Якъуба, вахана, ши буьхьиг еара шен нанна, ткъа Ребикхас, Исхьакхана езаш ма-хиллара, яа хІума кечйира. Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш. Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дІабахара исраилхой. Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» «Адаман кІант, СеІир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш, Мисар-махках яьсса аре хир ю, ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю. Иза хир ду царна яхІудхошна цара ницкъ бар а, ЯхІуд-махкахь бехк боцучеран цІий Іанор а бахьана долуш. Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара.
Авдий
1
Выбор основного перевода