Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду». Теман-гІалина тІе а цІе хьажор ю Ас, цу цІеро хІаллакйийр ю Бацар-гІалин гІепаш а». «Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хІума дІахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг? Дела Теманера схьавогІу, Везаниг а Паран-ломара схьавогІу. Цуьнан возалло стигалш дІахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу.
Авдий
1
Выбор основного перевода