Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІуш ма бе хьайна. ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цІушна Іамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаІама. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, Ткъа хьо нисвар хьуна бІаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тІехьа дІатотту ахьа. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а».
Выбор основного перевода