Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера. Оцу халкъаша харцделанашна Іибадат даре терра шайн Везачу Далла Іибадат ма делаш. Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш Уьш Везачу Эло Шен чІогІачу оьгІазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тІера дІа а даьхна, кхечу лаьтта тІе кхийсина, хІинца вайна гуш ма-дарра“. Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваІда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТІаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера Цо тІепаза дойур ду шу. Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тІебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Іибадат дахь, Везачу Элан оьгІазалла юссур ю шуна тІе. ТІаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера сихха дІадевр ду шу». Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо.
Выбор основного перевода