Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Аша дІалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Іамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тІера, баьрзнаш тІера, муьлххачу а дІасадаьржина гаьннаш долчу диттана кІелара – йохаяй дІаяха. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гІуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гІаланашкахь тІехь сагІа доккху гунаш дІахІиттийра, ха деш йолу бІов йолуш йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна чІагІйинчу йоккхачу гІалина тІекхаччалц. Исраилхоша шаьш Іаш болчохь харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а хІиттинера хІора гуна тІе а, хІора ІиндагІ луш долчу диттана кІел а. Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. хІора майданна тІехь ахьа хьайна кхахьпаллин цІа а до, цІушна Іамал ян меттиг а кечйо. ХІора некъ болалучохь а кечйина ахьа и меттигаш, хьайн хазаллин сий а дойуш. И хазалла ахьа, хІора тІех мел волу боьрша стаг хьайга схьаверзо гІерташ, хІаллакйора, хьайн боьха лелар сов а доккхуш.
Выбор основного перевода