Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а. Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. Иштта, Ярушалаймехь, чІагІвелла дІа а хІоьттина, паччахьалла дира РахьбуІама. Иза паччахь дІахІуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цІе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гІалахь вуьрхІитта шарахь паччахьалла дира РахьбуІама. Цуьнан ненан цІе яра НаІмат. Иза Іамминхо яра.
Выбор основного перевода