Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха АхьъяхІу-пайхамаро ЯрбаІаман зудчуьнга элира: «Ткъа хІинца хьайн цІа гІо. Ахьа гІали чу ког боккхушехь, хьан кІант лийр ву. БаІша, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Тирца-гІалахь дІавоьллира. БаІшин метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Эли. Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кІант волчу ЯхІу-пайхамарехула БаІше а, цуьнан цІийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гІуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гІуллакхаш тІехь иза ЯрбаІаме тарваларна а, иштта, ЯрбаІаман цІа хІаллакдарна а, БаІшас Веза Эла чІогІа дарвора. ЯхІудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира БаІшин кІант Эли. Тирца-гІалахь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Паччахьан гІудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гІалахь паччахьан цІенна тІехь хьаькам волчу Арцин цІахь маларо вахийна Іаш вара Эли.
Выбор основного перевода