Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхІун кІанта БаІшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пІелаштамхойн Габитун-гІалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гІалина го бинчу хенахь. ЯхІудхойн паччахьо Асас паччахьалла ден кхоалгІа шо долуш вийра БаІшас Надаб-паччахь. ТІаккха цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира БаІша. БаІшас, ша паччахь дІа-ма-хІоьттина, ЯрбаІаман берриг а доьзал хІаллакбира. ЯрбаІаман цІийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхІугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хІаллакбира цо.
Выбор основного перевода