Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БаІшас, ша паччахь дІа-ма-хІоьттина, ЯрбаІаман берриг а доьзал хІаллакбира. ЯрбаІаман цІийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхІугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хІаллакбира цо. ХІинца Аса дІавоккхур ву хьо а, цуьнан цІийнах мел верг а. НабатІан кІентан ЯрбаІаман цІенна диннарг дийр ду Аса хьан цІенна а. Иштта боху Везачу Эло: „ХІинца Аса хала баланаш тІебохкуьйтур бу хьуна, хьан тІаьхьенах волу массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллак а вийр ву. Ахьабан дерриг цІа а хІаллакьхир ду. Аса хІаллаквийр ву Ахьабан цІийнах схьаваьлла массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а. НабатІан кІентан ЯрбаІаман цІенна а, АхьъяхІун кІентан БаІшин цІенна а диннарг дина дІахІоттор ду Аса Ахьабан цІенна а. Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Іазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гІо дан.
Выбор основного перевода