Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯрбаІам онда стаг вара. Цо болх бечу хенахь Сулим-паччахьна гира цу къонахчунна шен болх дика бан хаар. ТІаккха Сулим-паччахьо Юсупан тайпанах болчеран махкахь болх беш болчу массарна а тІехь хьаькам хІоттийнера ЯрбаІам. Цхьана дийнахь ЯрбаІам Ярушалайм-гІалара араваьлла вогІуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхІу цІе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара. ТІаккха АхьъяхІус, шена тІера цІена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира. Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас. «Аса хІумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаІам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина.
Выбор основного перевода