Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь ца соцуш тІом лаьттира. Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Аби-ЯхІун ненан цІе МаІха яра. Иза гебаІхо волчу Уриалан йоІ хилла. Аби-ЯхІуна а, ЯрбаІамна а юкъахь тІом бара. Аби-ЯхІус шен эскар тІаме арадаьккхира. Цу эскарехь виъ бІе эзар майра тІемало вара. Ткъа ЯрбаІам, шеца бархІ бІе эзар майра тІемало а валош, тІамца цунна дуьхьалвелира. Эпрайм-лаьмнашкарчу ЦІемарайм олучу цхьана гу тІе а ваьлла, Аби-ЯхІус бохура: «ЯрбаІам а, массо а исраилхо а, ладогІийша соьга! Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тІаьхьенах болчарна а Исраилна тІехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тІехь чІагІбина болу барт барца? Амма Даудан кІентан Сулиман ялхо волчу НабатІан кІант ЯрбаІам, карзах а ваьлла, шен олахочунна дуьхьалваьлла. Эхь доцу, баьсса нах ЯрбаІамна гонах а бевлла, Сулиман кІантана РахьбуІамна дуьхьал а бевлла, чІагІбелира. Ткъа къона а, дагна кІеда а волу РахьбуІам царна дуьхьал ца латтавелира. ХІинца шаьш вуно дукха долу дела а, ЯрбаІама шун деланаш бина долу дашо эсий шайца долу дела а, Даудан тІаьхьенах болчеран карахь йолчу Везачу Элан пачхьалкхана дуьхьал шаьш латталур ду моьттуш хир ду шу? Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхІаронан тІаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дІа а хІиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дІахІиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхІ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дІахІоттаво аша. Ткъа тхох лаьцна аьлча – Веза Эла ву тхан Дела. Оха Иза дІа а ца тесира. Везачу Элана лерина гІуллакхаш кхочушдеш болу динан дай АхІаронан тІаьхьенах бу, ткъа левихоша царна гІо до церан балха тІехь. Цара хІора Іуьйранна а, суьйранна а дийнаташ дагоран сагІа а доккху, хаза хьожа йогІу хІума а ягайо, Далла гергахь цІанйинчу стоьла тІе моггІара бепиг охьа а дуьллу, хІора суьйранна дашочу стогарна чуьра къуьданаш а латабо. Цу тайпана вайн Везачу Дала тІедиллинарг оха кхочушдо, ткъа аша Иза дІатесна. Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тІом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тІом ма белаш, хІунда аьлча цу тІехь шун толам хир бац». Амма и бохучу хенахь ЯрбаІама шен тІемалой бахийтинера тІехьахула яхІудхошна кІело ян. Иштта, ша яхІудхошна хьалха а хуьлуш, ткъа кІело ян бахийтинарш царна тІехьа а хуьлуш, нисвелира ЯрбаІам. ЯхІудхой юхахьаьжира – царна хьалха а, тІехьа а дІабоьдуш тІом бара. Уьш Везачу Эле кхайкхира, ткъа динан дайша турбанаш лекхира. ЯхІудхоша тІеман цІогІа туьйхира. Цара цІогІа тоьхча, Аби-ЯхІуна а, яхІудхошна а хьалха ЯрбаІам а, берриге исраилхой а Дала эшийна дІабехира. Исраилхой яхІудхойх дІабевдира. Дала уьш яхІудхойн карабахийтира. Аби-ЯхІус а, цуьнан эскаро а боккха эшам бира исраилхошна – царах тоьлла волу пхи бІе эзар тІемало велира. Иштта цу дийнахь исраилхой сийсазбинера, ткъа яхІудхошка толам баккхийтинера, уьш шайн дайн Дела волчу Везачу Элах тешна лелаш хилла болу дела. ЯрбаІамна тІаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гІаланаш схьаехира Аби-ЯхІус: Бетал-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Іепрайн-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а. Аби-ЯхІу дийна волчу ханна кхин чІагІ ца делира ЯрбаІаман олалла. Везачу Эло вожийна, иза велира.
Выбор основного перевода