Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
РахьбуІама паччахьалла до пхоьалгІа шо долуш, исраилхой Шех дІабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тІелатийтира Везачу Эло. Ярушалаймана тІе а летта, Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а ерриге а еза хІума дІаяьхьира мисархойн паччахьо Шушакха. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хІума а дІадаьхьнера. Церан метта РахьбуІам-паччахьо цІестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цІийнан ков лардечу гІаролхойн хьаькамийн караделира. Паччахь хІоразза а Везачу Элан цІа чу волуш, гІаролхой, и турсаш схьа а оьций, цуьнца богІура. Цул тІаьхьа гІаролхойн цІа чу шен метте охьадохкура цара уьш. Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаІам вийна дІаваккха лууш вара. ТІаккха ЯрбаІам Мисар-махка дІаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тІе а вахана, Сулим-паччахь дІакхалххалц Мисар-махкахь Іийра.
Выбор основного перевода