Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана цхьа бІе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дІаделира Аса-паччахьо. ТІаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дІадахьийтира цо Хьезиюнан кІентан ТІабримунан кІант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гІалахь Іаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира:
Выбор основного перевода