Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. Оцу гІуллакхо ЯрбаІаман цІентІехь мел волчуьнга къинош летадойтура, ткъа и бахьана долуш тІаьхьо цуьнан тІаьхьенна бохам хилира, иза лаьтта тІера дІа а йоккхуш. И дерриге а хилира, ша летийнчу къиношца а, ша Исраилан халкъе летадайтинчу къиношца а ЯрбаІама Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвахийтина дела. БаІша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаІама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора. «Аса хІумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаІам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина.
Выбор основного перевода