Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда Ахаше элира: «ХІинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хІун далур ду». Ахаша Дауде элира: «ТІаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву». Цундела Йоаба ТакхоІ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тІеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чІогІа гІайгІане ю моттийта, хьайна тІе Іаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела. Цхьана дийнахь ЯрбаІам Ярушалайм-гІалара араваьлла вогІуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхІу цІе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара. ТІаккха АхьъяхІус, шена тІера цІена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира. Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас.
Выбор основного перевода