Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тІаьхьа а хІоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тІаккха Со хир ву хьоьца. Ас чІагІдийр ду хьан цІа. Хьан цІийнах паччахьийн цІа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дІалур ду. Везачу Дала иштта дира, хІунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тІера дІа ца велира, хьетахо волчу УръяхІуна ша динчу цхьана хІуманна тІехь доцург.
Выбор основного перевода