Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бІаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» Цкъа мацах, сурт хІотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гІо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира. Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу, Ас цуьнца бина барт массо а ханна чІагІбийр бу. паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кІелхьарвоккхучу Хьуна.
Выбор основного перевода