Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КІелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагІех со кІелхьарваьккхи Цо! Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш. Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла. Ткъа Ахьа ларбехьа уьш. Хьо везарш самукъане хуьлийла, Ахьа мел дийриг бахьана долуш. Везачу Эло боху: «ГІоттур ву Со мискачара хьоьгучу Іазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кІелхьардовлар лур ду Аса царна». Вай Везачу Элах тешна ду. Иза вайн гІоьнча а, вай лардо турс а ду. Со везаш волу сан Дела суна хьалхавер ву. Дала со сайн мостагІашна тІехула хьоьжуьйтур ву. Делан хІора дош зийна бакъ ду: Иза Шена тІевеанчунна турс хуьлий дІахІутту. Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила».
Выбор основного перевода