Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь шун Везачу Дала тІедиллинарг, тахана ас шуьга Іалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цІоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. Даудан цІенний, Шаулан цІенний юкъахь еххачу хенахь тІемаш лаьттира. Даудан ницкъ чІагІлуш бара, ткъа Шаулан цІа эшна догІура. Цул тІаьхьа Дауда пІелаштамхошна тІехь толам баьккхира. Иштта, цо пІелаштамхойн карара цу лаьтта тІехь хилла олалла схьадаьккхира. Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тІе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дІабехира, ткъа кхозлагІчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дІахІиттира, кхунна ял а луш. Рахьубан кІант ХІадад-Іезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Іохкуш долчу латтанаш тІехь шен паччахьалла дІахІотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра. Цо цуьнгара цхьа эзар ворхІ бІе бере а, ткъа эзар тІемало а схьаваьккхира. Шен гІудалкхашна хьалха дІайожа бІе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо. Цоба-мехкан паччахь волчу ХІадад-Іезарна гІоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хІаллаквира. Дауда арамхой Іаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дІахІиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дІахІиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цІа воьрзуьйтура. ХІадад-Іезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара. ХІадад-Іезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гІалара а цо дукха ез схьадаьккхира. Хьамат-гІалахь паччахь волчу ТоІина хезира, ХІадад-Іезаран эскар Дауда эшийна аьлла. ТІаккха ТоІас шен кІант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХІадад-Іезар эшаварна баркалла ала а, ХІадад-Іезар шеца кест-кеста тІом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогІуш, Йорама дашо а, дато а, цІестан а пхьегІаш еара. Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гІуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хІума санна, эдомхошкара а, муабахошкара а, Іамминхошкара а, пІелаштамхошкара а, Іамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кІантера ХІадад-Іезарера ша схьадаьккхинарг санна. Дуьрачу тогІи чуьра, берхІитта эзар эдомхо а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чІогІа сий деш цІе яккха йолийра. Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дІахІиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дІахІоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цІа воьрзуьйтура. Хьайна девзаш доцу халкъаш тІекхойкхур ду ахь, хІинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тІекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина».
Выбор основного перевода