Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тІулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара. Кхеталаш хІокхунах, Дела вицвинарш, Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама, шу кІелхьардохург ца хиларна. ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела.
Выбор основного перевода