Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тІеман гІудалкх а, итт эзар гІашло а бен вацара, хІунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дІадаьккхира, когаш кІел хьоьшу чан санна эскархой а беш. Цара, шаьш кІелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кІелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо царна жоп ца лора. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».
Выбор основного перевода