Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Веза Эла – сан тарх, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Аса тидам бийр бу цІеначу новкъахь со лелаш хиларан. Хьо маца вогІур ву те суна тІе? ЦІеначу дагца со лелар ву сайн цІа чохь. Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш, уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама. ЦІеначу новкъахь лелаш болчаьрга – цаьрга сайна гІуллакх дойтур а ду.
Выбор основного перевода