Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан кийрарчу сино сагатдо, цундела суна Йордан-хин махкара а, Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а дагаоьху Хьо. Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доІа до. Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь, Хьайн боккха безам хиларна, Ахь билггал со кІелхьарвоккхург хиларна, дІахазахьа со. Со кІел ца висийтархьама, уьшал чуьра хьалаваккхахьа со. Соьга безам боцучех а, кІоргачу хих а кІелхьарваккхахьа со. Амма дукхачу Іоврийн гІовгІанал чІогІа бу, хІордийн тулгІенийн гІовгІанал чІогІа бу лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ. Цо элира: «Со гІайгІанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тІаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цІогІа туьйхира ас, тІаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз.
Выбор основного перевода