Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна ЯхІуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хІоьттира. Цо иштта хаам бора: ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Цо къаьмнашна юкъахь маслаІат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Яло, Якъубан тІаьхье! Везачу Элан серлонехь лелар ду вай. Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тІаьхье, дІа ма тесна, хІунда аьлча нах малхбалера долчу Іадатех буьзна бу, пІелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тІекаре ю церан. Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дІалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гІудалкхаш а ю. Цуьнан латта цІуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Іибадат деш бу и нах. ХІора адамо царна хьалха ша лахдо, хІора стаг царна охьатаьІа. Царна геч ма дехьа! Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаІийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
Выбор основного перевода