Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара. эдомхошкара а, муабахошкара а, Іамминхошкара а, пІелаштамхошкара а, Іамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кІантера ХІадад-Іезарера ша схьадаьккхинарг санна. Цунна гонах мархаш а, Іаьржа бода а бу. Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Іаршан бух бу. Веза Эла! Хьайн стигалш дІаса а таттий, чувоссахьа. Лаьмнех хьакхалохьа, тІаккха цара кІур тосур бу. Стигалш а этІийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха.
Выбор основного перевода