Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло нийса а, тешаме а волчу хІораннан а аьтто бо. Везачу Эло хьо сан кара схьавеллера, амма Цо къобалвинчунна тІе куьг дахьа ца лиира суна. ТІаккха стигалахь волчу Ахьа дІахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тІехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггІург а деш. Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай, Хьо волчу лакхахь царна тІехь Куьйгалхо хилахь. Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.
Выбор основного перевода