Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо иза лаьттан локхаллина тІехь леладойтура. Цо иза аренаш тІехь хьалаяьллачух дузадора, тІулгах схьа долу моз а, чІогІачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна. Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагІий хьуна хьалха охьатаьІна лелар бу, ткъа ахьа церан сагІа доккху гунаш хьоьшур ду». хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза. Хьалдолу Эла – сан ницкъ бу. Цо, сан когаш сен когаш санна а бо, со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту! Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хІара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
Выбор основного перевода