Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгІазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьІІе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу». ТІаккха Делан озо гІовгІа йо. Шен возаллин озаца Цо гІовгІа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо. Везачу Элан аз ду хезаш хиш тІехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хІордаш тІехула. Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана. Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а.
Выбор основного перевода