Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бІогІамаш а. Ма „хаза“ дІахІиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тІехь а, лаьмнаш тІехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду. Аса шу, мостагІийн лолле дІа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дІадохуьйтур ду, хІунда аьлча аша Сан оьгІазаллин цІе самаяьккхина. И цІе массо а ханна йогур йолуш ю». Иштта боху Везачу Эло: «НеІалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гІортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дІадаьккхина лелаш волчунна. Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Іийр ву иза. Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тІетовжа меттиг – Веза Эла ерг а. И стаг, хин татол долчохь дІадоьгІна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тІееача. Цуьнан гІа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тІе стом ца латош а ца хуьлу. Мекара ду адаман дог, чІогІа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Моша кхечу олхазарша дина долчу хІоаш тІе тевна даккха охьахоу. Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг. Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву, шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьІаьржачу а хІуттур ву. Далла лерина долу оха дина деза цІа дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Іарш санна ду. Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина. Дарба дехьа суна, Веза Эла, тІаккха со толур вара. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кІелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг. Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!» Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара, бохаман де тІекхачаре сатесна а вацара. Хьуна иза хууш ма ду. Сан багара даьлла дош Хьуна хьалха дІадиллина ма ду. Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тІетовжийла ма ю. ЮьхьІаьржачу хІиттабехьа сан мостагІий, ткъа со юьхькІайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргІат хилийтахьа. Царна тІе бохаман де тІедаийтахьа, уьш кхоччуш хІаллакбехьа. Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гІой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дІахІотта, яхІудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа. Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, ЯхІуд-махкара дерриг халкъ а, гІалин кевнийн неІаршкахула чу мел богІу Ярушалайман бахархой а! Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоІучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха. Иштта шайн хІусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тІе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза. Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгІира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогІа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна. Нагахь санна аша Аса хІинца бохучуьнга ла ца догІахь, – боху Везачу Эло, – хІокху гІалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь, тІаккха кху гІалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тІаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гІудалкхаш тІехь а, говрашна тІехь а богІур бу, ЯхІудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю. ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашкара а, Ярушалайм-гІалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхІуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагІанаш, кІен сагІанаш, хаза хьожа йогІучу хІуманийн сагІанаш, баркаллин сагІанаш Делан цІа долчу схьадахьар ду. Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Веза Эла Шен халкъан гІап а ю, Ша къобалвинчун кІелхьарваккхаран чІагІо а ю. Хьайн лерг суна тІедерзадехьа, со кІелхьарваккха сихлохьа. Тарх санна хилахьа, со ларвархьама, чІогІа гІап санна хилахьа суна, со кІелхьарваккхархьама. Муьлххачу а хенахь сан дІалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна. Ахь дош делла со кІелхьарваккха, цундела Хьо сан чІагІо а, гІап а ю. Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гІап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!» Суна тешаме Верг, сан ГІап, сан къайлаволу Меттиг, со КІелхьарвоккхург, сан турс – сан Цунах дегайовхо ю. Цо сан куьйга кІел даладо сан халкъ.
Выбор основного перевода