Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хІоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Іалашвен йолу гІап ю. Ас хьуна ден долу совгІат а доккха ду». Ша доІа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кІелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагІех йоьлу. Дела – Цуьнан некъ кхоччуш бу! Везачу Элан дош ма цІена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дІахІоьттира. Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург? Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чІагІо волу, со кІелхьарвоккху Дела. Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тІехь а Цо бакъонца иза йо. Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дІадели. ДІа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тІехь а лакхавоккхур ву Со. Юург лоьхуш, кхерста шайна, меца а долуш, гІигІ а деш. Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу. Сан кІелхьарвалар Цуьнгара ду. Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина. Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха, Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХІара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».
Выбор основного перевода