Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло цу лаьтта тІехь дитинчу къаьмнийн цІераш хІорш ю: пІелаштамхойн пхеа гІалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаІанхой а, цІаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаІал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тІекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а. Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна Іибадат дора цара. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ІегІлонна Исраилан халкъана дуьхьалхІотта ницкъ белира. ТІаккха Везачу Эло канаІанхойн паччахьна Ябинна кара схьаделира Исраилан халкъ. Ябин Хьацорахь паччахьалла деш вара. Цуьнан тІеман куьйгалхо вара Хьаршат-Гойимахь вехаш волу Сисра. Веза Эла оьгІазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пІелаштамхойн а, Іамминхойн а кара дІабелира. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пІелаштамхойн кара дІабелира.
Выбор основного перевода