Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: Нагахь Веза Эла дІа а тесна, хийрачу деланашна аш Іамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таІзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хІаллакдийр ду шу». Иза цига дІа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чІогІа инзарбохуш, царна тІе доккха Іазап хІоьттира, массеран а дегІа тІе ирча хІуманаш евлира, воккха-жима ца къастош. Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тІом бина болчу пІелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гІалин тІеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дІабелира уьш Везачу Эло.
Выбор основного перевода