Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Нагахь Веза Эла дІа а тесна, хийрачу деланашна аш Іамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таІзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хІаллакдийр ду шу». ПІелаштамхой исраилхошца тІом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаІ олучу лам тІехь дукха хІаллакьхилира. Шаулна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьа а бевлла, пІелаштамхоша цуьнан кІентий ЯхІуната а, Абинадаб а, МалкишаІ а байира. Шаулна гонах болу тІом чІагІбелира. Къаьсттина чІогІа кхарна ницкъ бора секхаІад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тІе а вогІавелла, велира.
Выбор основного перевода