Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кІентий ахьа схьабеанчу некъа тІера галбевлла. Ахьа тхуна тІехь паччахь дІахІоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тІехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тІехь ма-дарра». «Кхана хІоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тІе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тІе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хІунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду». Шаул гинчу Шамъале Везачу Эло элира: «ХІара ву хьуна Аса хьоьга вийцинарг. Цунах Сан къомана куьйгалхо хир ву». Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТІаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!» Аса паччахь велира хьуна Со оьгІазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.
Выбор основного перевода