Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ГадІана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тІехь олалла, я сан кІанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тІехь олалла». Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кІентий ахьа схьабеанчу некъа тІера галбевлла. Ахьа тхуна тІехь паччахь дІахІоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тІехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тІехь ма-дарра». Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дІахІоттаве алар. ТІаккха иза Везачу Эле доІа дан хІоьттира. Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дІатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тІехь паччахьалла дойла. Амма наха Шамъале ла ца дуьйгІира. Цара бохура: «ХІан-хІа! Тхуна тхайна тІехь куьйгалла дан паччахь веза. Іамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалІадерчу Явеш-гІалина го бира. Массо а цу гІаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гІуллакх деш лелар ду».
Выбор основного перевода