Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хІокху Хьайн лаьтта тІе догІа, Ахьа Хьайн халкъана тІаьхьалонна делла хилла долчу. Ас хьуна хьекъалаллин некъ гойту, нийсачу новкъахула дІа а вуьгу хьо. Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу. Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. Дийнахь а, буса а сайн доІанашкахь хьо дукхазза а дагавогІуш, сан дайша ма-барра, цІеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас.
Выбор основного перевода