Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуІаман кІант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тІедуьллу: „Ваха а гІой, Напталинний, Забуланний тІаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тІе дІабига. ТІаккха Везачу Эло, цуьнга дІа а вирзина, элира: «Оцу ницкъаца ваха а гІой, Исраилан халкъ маданхойх кІелхьардаккха. Аса вохуьйту хьо цига!» Юаша элира: «ГадІана и сагІа доккху меттиг йохийна хилча, БаІал ша къовсавала веза цуьнца». Цу хенахь дуьйна ГадІанан цІе Яруб-БаІал аьлла йоккхура (иза «БаІал къовсавалийта» бохург ду). ГалІадхойх схьаваьлла волу майра тІемало вара Яптахь. Цуьнан нана нахаца лелаш яра, ткъа Яптахь цо ГалІад цІе йолчу стагах винера. Шамъала сагІа доккхучу хенахь пІелаштамхой исраилхошца тІом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пІелаштамхошна тІехь чІогІа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гІоьнца уьш исраилхоша эшийра. Цара пІелаштамхой МицІпа-гІалара лаьхкина, хІаллакбеш, Байт-Кара кхаччалц дІабигира. Цул тІаьхьа Шамъала, тІулг схьа а эцна, иза МицІпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тІулган цІе Абани-Іазар тиллира цо (иза «гІо ден тІулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хІокху метте кхаччалц вайна гІо дина». Иштта дІатебина хилла пІелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тІелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тІехь мел ду, Везачу Эло пІелаштамхошна тІера Шен куьг дІадоккхуш ца хилла.
Выбор основного перевода