Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира. ТІаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дІахІоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кІант Іотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кІелхьара а бехира. Везачу Эле гІо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кІентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаІал санна долчу харцделанашна Іамал еш дара тхо», – бохура цара. Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хІинца кІелхьардахахьара Ахьа тхо».
Выбор основного перевода