Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн хастамаш Цунна дІало. Иза шун Дела ву. Шун бІаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гІуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза. Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гІуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтІахь хилахь, шун дахар дика хир ду. Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гІуллакхаш дина!» Сийлахь хІуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина, цундела тхо сакъералуш дара. Хьуна дІахезначу дерригенан а жамІ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хІунда аьлча хІора адамна тІедиллина декхар ду иза.
Выбор основного перевода