Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга: «ХьалагІатта, лаьмнашна хьалха довзийта хьайн гІуллакх, баьрзнашна дІахозийла хьан аз!» ЛадогІа, лаьмнаш, Везачу Элан гІуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогІа! ХІунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху. «Сан халкъ! ХІун вон динера Ас хьуна? ХІун гІело йинера Ас хьуна? Схьадийцал Соьга. Ас, Мисар-махкара ара а даьккхина, лоллин цІийнера мехах паргІатдаьккхира хьо. Ас хьуна хьалхабевлла бахийтира Муса а, АхІарон а, Марем а. Сан халкъ! Дагадаийтахьа Муаби-мехкан паччахьо Балакха дагалаьцнарг. Цуьнга хІун жоп делира БеІаран кІант волчу БалиІама? ХІун хуьлура Шитимера Галгале кхаччалц, Делан бакъдолу гІуллакхаш хьуна довзийтархьама?»
Выбор основного перевода