Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беар-ШабаІера кхин дІа а вахара Якъуб. Исраилан кІенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирІуно яийтинчу гІудалкхаш чу ховшийра цига дІабига. КанаІан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тІаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. Цул тІаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирІун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Іазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира. ХІинца Ас хьо пирІунна тІе вохуьйту. Ваха а гІой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха». Веза Эла Мусана оьгІазвахара, Цо элира: «Левин тІаьхьенах а волуш, АхІарон цІе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогІур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду. Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. Хьан метта АхІарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву. Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кІелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Іазапера кІелхьара а даьхна“.
Выбор основного перевода