Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дан деза аша а, шун бераша а, царал тІаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тІедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. КхидІа ЮшаІа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цІена а, даггара а Цунна Іамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Іачу хенахь шайн дайша Іамал йина деланаш дІа а тасий, Везачу Элана бен Іамал ма е. Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тІе а дерзадай, Цунна гІуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гІуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш.
Выбор основного перевода