Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кІентий ахьа схьабеанчу некъа тІера галбевлла. Ахьа тхуна тІехь паччахь дІахІоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тІехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тІехь ма-дарра». Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дІатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тІехь паччахьалла дойла. Цаьрга ла а догІий, цара бохург де. Амма нахе мел дерг а ма-дарра дІахьеде, паччахьан бакъонаш муха ю царна дІа а дуьйцуш». Амма наха Шамъале ла ца дуьйгІира. Цара бохура: «ХІан-хІа! Тхуна тхайна тІехь куьйгалла дан паччахь веза. ТІаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тІехь куьйгалла дийр ду, тІемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву». Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогІа деза! ДІахІоттаве царна тІехь паччахь». ТІаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хІинца шайн-шайн гІала дІагІо». Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТІаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!» Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дІагІо вай, юха а паччахьалла дІахІоттор ду вай». Дерриг а адам Галгала дІадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дІа а хІоттийна, Делаца барт беш сагІанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чІогІа самукъаделира цу дийнахь.
Выбор основного перевода